Белару́сь[a][16], йа Белору́сси[b] (белорус. Беларусь, ДАА: ⓘ), официалан Респу́блика Белару́сь[17][18][19][c] (белорус. Рэспубліка Беларусь, ДАА: ⓘ) — Малхбален Европин пачхьалкх. Бахархойн барам 1996 шеран 1 январан хуьлу 9 056 080 стаг, латтан майда — 207,6 эз. км². ДӀалоцу дуьненахь 97-гӀа меттиг бахархошца а, 84-гӀа меттиг мехкаца а. ХӀорд тӀеволийла йац.
Республикин къилбаседа-малхбузехь доза ду Литваца, малхбузехь — Польшица, къилбаседехь — Латвица, малхбалехь а, къилбаседа-малхбалехь а — Россица, къилбехьа — Украиница.
Коьрта шахьар а, уггаре йоккха гӀала а пачхьалкхан — Минск, кхин йаккхий гӀаланаш — Гомель, Гродно, Витебск, Могилёв, Брест, Бобруйск, Барановичи, Борисов, Пинск. Административан мохк бекъна 6 областана а, 1 республикин куьйга кӀелара гӀалана (Минск) а.
Пачхьалкхан меттанаш — беларусийн а, оьрсийн а[d].
Доккхаха долу декъо делах тешачарех лелайо православи[25].
Беларусь унитаран президентан республика йу. 1994 шеран 20 июлехь президентан дарж хьалхара мехкан исторехь президентан харжамашкахь дӀалаьцна Лукашенко Александра, тӀаьхьа тоьлла иштта харжамашкахь 2001, 2006, 2010, 2015, 2020, 2025 шерашкахь. Премьер-министр 2025 шеран 10 мартехь дуьйна — Турчин Александр. 2024 шеран парламенте харжамашкахь дукхаха долу меттигаш даьхна Белоруссин партино «КӀайн Русь».
Номиналан ЧВС 2024 шарахь хилира 71,18 млрд $[26] (8340 $ гергга хӀора сина[27]). Ахча — белоруссийн сом.
ХӀокху заманан белоруссин пачхьалкхалла кхоллайаларан терахь лору 1918 шеран 6 март[28], Белоруссин Халкъан Республика кхайкхайар, йа 1919 шеран 1 январь, Беларусин ханна белхалойн-ахархойн правительствон манифестца кхайкхийна РСФСР йукъахь Социалистиийн Советийн Республика Белорусси. Беларусин Халкъан Республика кхайкхоро ца кхачийра дуьззина болх беш йолу Ӏедалан меженаш кхоллар, немцойн оккупаци Беларусин латтанаш бахьана долуш. Немцойн оккупаци чекхъйаларца БХР лаьтта дӀалаьцна ЦӀен эскаро, Ӏедал дӀадахара Минскера.
1919 шеран 16 январехь Витебскан, Смоленскан, Могилёвон губернин латтанаш йукъара дехира ССР Белоруссин. 1919 шеран 31 январехь Советийн Беларусь Минскан а, Гроднон а губернеш арайевлира РСФСР йукъара, кхайкхийра маршо ЙЦКхК президиуман сацамца[29]. 1919 шеран 27 февралехь ССРБ дӀакхийтира Литван Советийн Республикех, цунах хилира Литван-Белоруссин ССР, цуо де-факто йуьйхира масех бутт баьлча Советийн-польшин тӀом бахьнехь. 1920 шеран 31 июлехь Беларусь меттахӀоттийра «Маьрша Советийн Социалистийн Республика Белорусси кхайкхорех декларацица». 1922 шеран 30 декабрехь Белоруссийн ССР хилира йеаннах цхьаъ советийн республика, ССРС кхолларх бертан куьг йаздинчех.
1945 шеран 24 октябрехь Белоруссийн ССР, Украинийн ССР-ца цхьаьна, хилира ВКъКх кхоллархо[30]. ВКъКх-ахь цуьнан шен векалалла кхаьчна нацизма эшорехь цо доккха дакъа лацарца а, немцойн оккупацин таӀзар ларца а ШолгӀа Дуьненан тӀом болучу хенахь.
1990 шеран 27 июлехь тӀеийцира Республика Беларусин пачхьалкхан суверенитетан деклараци. 1991 шеран 25 августехь декларацина йелира конституцин низаман статус, ткъа 19 сентябрехь пачхьалкхо шен хӀинцалера цӀе йелира. 1991 шеран 8 декабрехь Белорусино РСФСРца а, Украинца а цхьаьна куьг йаздира Йозуш йоцу пачхьалкхийн къоман барт кхолларан хьокъехь Беловежан барташна.
1995 шеран 7 июнехь референдуман жамӀашца мехко схьаэцна хӀокху заманан хӀост а, байракх а, кхин а шо хьалха — Конституци.
Беларусь йу декъахо (кхечаьрца кхоллархо) ВКъКх, ЛПД, ККхБКх, Союзан пачхьалкхан, хилла ЕврАзЭС а, цуьнан метта йолу ЕАЭБС.
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Белорусаш (83,7 %), оьрсий (8,3 %), полякаш (3,1 %), украинаш(1,7 %), жуьгтий (0,1 %). ГӀалийн бахархой — 74,3 %[31].
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбаседехьа — Литва, Латви, къилбехьа — Украина, малхбалехьа — Росси, малхбузехьа — Польша.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]Республика Беларусан къоман исбаьхьаллин музей
Беларусийн литература кхуьуш хилла шираоьрсийн литературин буха тӀехь, ткъа цуьнан кхиар XIV—XV бӀешерашкахь хилла. Цуо зазадаьккхина XVI—XVII бӀешерашкахь («Дашо бӀешо» олу мур). Малхбузеноьрсийн мотт — Литван Сийлахьчу олаллин официалан мотт. Белорусийн тептарш зорбане даха долийра XVI бӀешо долалуш. Дуьххьара белорусийн моттехь зорбатоьхна жайна «Псалтырь» арахийцира Прагехь 1517 шарахь Франциск Скаринас. Малхбален славянийн маттехь зорбатоьхна дуьххьарлера жайна дара иза. XVI—XVII бӀешерашкахь полякийн оьздангаллин тӀеӀаткъамца кхоллайелира силлабически бароккон поэзи а, драмин ишкол а (Симеон Полоцкий). XVIII бӀешарахь, дуккха а тӀемаш хилар бахьана долуш, цул тӀаьхьа белорусийн мотт буьйцу интеллигенцин дегенераци бахьана долуш, белорусийн литература жим-жима лахлуш йара; цуьнан денъйалар дӀадоладелира XVIII бӀешеран тӀаьххьарчу доьалгӀачу декъехь, белорусийн маттахь дуьххьарлера къоман комеди К. Марашовскийн «Комеди» гучуйаларца. Белорусийн маттахь кхолларалла жигарайаларан процессаш дӀайахара XIX бӀешо долалуш (анонимни сатирин поэма «Тарас Парнас тӀаьхь», хьалхара романхой: Павлюк Багрим а, белорусийн-полякийн поэташ Ян Барщевский, Александр Рыпинский). Шен произведенехь белорусийн матто коьрта меттиг дӀалаьцна дуьххьарлера автор вара дуьххьарлера белорусийн комеди «Идиллия» (1846) кхоьллинарг Винсент Дунин-Марцинкевич. Жайнаш арахоьцура коьртачу декъана латинин зорбанца. XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь дӀайолало реализман зама (Франтишек Богушевич, Адам Гуринович, Янка Лучина). Беларусийн литература кхиаран керла мур дӀаболабелира 1905—1907 шерашкахь хиллачу революцешна тӀаьхьа, Вильнохь дуьххьара беларусийн маттахь газеташ арадевлча: «Вайн дакъа» (1906) а, «Вайн йалтанийн аре» (1906—1915) а, цунна гонаха кхоллайелира къоман ша-шех кхетар чӀагӀдаран агӀончаш болчу йаздархойн дуьххьарлера цхьаьнакхетаралла (Максим Богданович, Сергей Полуян, Змитрок Бядуля, Максим Горецкий, Ядвигин Ш., Янка Купала, Якуб Колас, Алесь Гарун, Андрей Зязюля, кхин берш а). Беларусийн литература синкретически амал йолуш йара, романтизм, реализм, импрессионизм а, модернизм а элементаш цхьаьна а тоьхна. Къаьсттина белорусийн поэзехь импрессионизм а, символизм а кхиийна Максим Богдановича, прозехь Змитрок Бядуля, романтизм а, модернизм а — Янка Купала. Белоруссин йаздархо Светлана Алексиевич Нобелан совгӀат литературехь лауреат хилира 2015 шарахь. Алексиевичан кхолламаш лерина ду ССРС а, цул тӀаьхьара а дахаран муьран[32].
Жайнаш арахецар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Белоруссийн ССР кхиъна дара жайнаш арахецар — 1991 шарахь араделира 2434 жайна а, брошюра а, церан йукъара тираж 52,9 млн экз.[33] Царна йукъахь белоруссин меттана арахецарш хилира 17,5 % цӀе а, 18,9 % йукъара тираж а[33]. Йозуш йоцчу Беларусехь жайнаш арахецаран лакхара мур хилира 1993 шарахь, цу хенахь жайнаш а, брошюраш а йерриг тираж кхаьчна 98,3 млн экземпляре. 1993 шарахь дӀайаздина уггаре дукха белорусийн маттахь жайнаш а, брошюраш а — 26,9 % йерриг цӀерийн терахьах а, 18,7 % йерриг тиражех а[33]. 2000 шарахь жайнийн а, брашюрийн а йукъара тираж охьайоьжна 61,6 млн экз.[33] Республикера дукхаха долу жайнаш арахоьцу Харвеста: 2008 шарахь оцу арахецаралло арахецна 3801 цӀе йолу жайна а, брошюра а (царех 13 210 республикехь) йукъара тираж 28,7 млн экз. (цунах 55,4 млн экз. республикехь)[34]. Дукхаха йолу арахецараллаш долахь йу[35]. 2000-гӀа шерашкахь белоруссин жайнаш арахецарна амалехь ду дуьненан йукъара тенденци тӀаьхь-тӀаьхьа дехьавалар кӀезиг тиражан жайнашка, уьш доьзна ду электронан арахецарш кхиарца[36].
МХГӀ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Беларусин Министрийн Кхеташонан 2008 шеран 26 августехь бинчу No 1227 сацамца, бюджете дӀадала дезаш долу налогийн барамаш, йал (пошлинаш) хьесапдаран процесс автоматизаци йан а, электронан налогийн деклараци кепе дӀакхачо а 2008-2010 шераш тӀечӀагӀдина[37].
2010 шарахь Беларусин Министрийн кхеташоно тӀечӀагӀйина Беларусин хаамийн йукъаралла кхиаран стратеги 2015 шо кхаччалц, 2010 шарахь иза кхочуш йан хьалхара рогӀера план а[38][39].
Репрессеш а, махкахь йина цензура а бахьнехь берриг Беларусин оппозицин МХГӀ болх бан беза дозанал дехьара, шайн контент Интермашанехь зорбане йоккхуш[40][41].
Спорт
[бӀаьра нисйан | нисйан]Маьрша Беларусин Ӏедало, доккха маьӀна лора спорт кхиорна а, гӀарайаккхарна а, кхочуш йора пачхьалкхан программаш Спортан а, туризман а министраллин а, Белоруссин къоман спортан къоман комитетан структурашкахула.
XXI бӀешарахь махкахь даьржира дерриг аьхкенан а, Ӏаьнан а спортан тайпанаш — божарийн а, зударийн а дисциплинаш. Регионан а, дуьненйукъара а тӀегӀанехь белоруссин спортхой уггаре ондачех бу. Иштта 2018 шеран Ӏаьнан Олимпийн ловзаршкахь Беларусин командо йаьккхира шиъ дашо а, цхьаъ дато а мидал. Ламастехь уггар а аьтту болуш хуьлу белоруссин хоккеисташ а, лыжашхой а. 2005 шарахь дуьйна хоккейн белоруссин гулйина команда ца хеддаш ловзуш йу дуьненан чемпионатан ТОП-дивизионехь, ткъа 2014 шарахь Беларусехь тӀеийцира хоккейх ловзаран дуьненан чемпионат.
Беларуси Олимпийн ловзаршкахь дакъалоцуш йу 1994-чу шарахь дуьйна, 1994-чу шарахь Норвегерчу Лиллехаммерехь хиллачу Ӏаьнан Олимпиадехь Железовский Игора а, Парамгина Светланас а ши детин мидал йаьккхинчу хенахь дуьйна. 1997-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Беларусин Республикин къоман олимпийн комитетан куьйгалхо вара президент Лукашенко Александр. КъОК-ан куьйгалхо ша харжарца доьзна Олимпийн ассамблейхь вистхуьлуш президенто дӀахьедира, пачхьалкхан куьйгалхо Къоман Олимпийн комитетан куьйгалхо харжаран прецедент дуьненахь цкъа а ца хилла аьлла[42]. 2021 шеран 26 февралехь дуьйна РБ КъОК президент ву цуьнан кӀант Виктор, амма иза къобал ца дина Дуьненайукъара олимпийн комитето[43].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Комментареш
- ↑ ЦӀе Википедин хӀинцалерачу стандарташка йалийна (Беларусь). Нохчийн меттан грамматикин бакъонашца, тӀеэцаран тӀаьххьара мукъаза элп долуш, доладерзоран дожарехь «-ин» чаккхе лелайо (Беларусин областаш), ткъа «-ийн» чаккхено билгалдаккхар кхуллу (Беларусийн мотт). Карасаевн-Мациевн ширчу дошамера «Белоруссин» кеп хӀинцалерачу дийнахь ширйелла лору.
- ↑ Проблема наименования государства рассмотрена отдельно в статье Именование белорусского государства на русском языке.
- ↑ Российскими властями[20][21][22] Ӏ пользуются вариантом Респу́блика Белору́ссь[23]
- ↑ С 1996 года[24], ранее в период 1991-1996 годов только белоруссии.
- Билгалдахарш
- ↑ 91 год со дня основания первого белорусского государства - NewsBY
- ↑ Закон Республики Беларусь от 25 августа 1991 года № 1017-XII «О придании статуса конституционного закона Декларации Верховного Совета Республики Беларусь о государственном суверенитете Республики Беларусь» (оьрс.).
- ↑ 17 //
- 17 //
- ↑ Belarus (инг.). CIA World Factbook. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 16 октябрь. Архивйина 2021 шеран 9 январехь Архивйина 2021-01-09 — Wayback Machine
- ↑ John R. Short. Geopolitics: Making Sense of a Changing World : [англ.]. — Rowman & Littlefield, 2021-08-25. — P. 163–. — ISBN 978-1-5381-3540-2. Источник (инг.). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 23 ноябрь. Архивйина 2022 шеран 13 октябрехь
- ↑ Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
- ↑ Беларусь > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
- ↑ Беларусь > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
- 1 2 3 4 World Economic Outlook Database, October 2023 Edition. (Belarus) (инг.). IMF.org. Международный валютный фонд (2023 шеран 10 октябрь). ТӀекхочу терахь: 2023 шеран 13 октябрь.
- ↑ Human Development Insights (инг.). hdr.undp.org. HDRO (Human Development Report Office) Программа развития ООН. Архивйина 2025 шеран 5 майхь
- ↑ http://naviny.by/rubrics/society/2011/09/16/ic_articles_116_175144/
- ↑ https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
- ↑ Беларусь — на русском (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 3 декабрь. Архивйина 2019 шеран 11 ноябрехь
- ↑ Конституция Республики Беларусь (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 6 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 4 декабрехь
- ↑ Закон Республики Беларусь № 1085-XII от 19 сентября 1991 г. «О названии Белорусской Советской Социалистической Республики и внесении изменений в Декларацию Верховного Совета Белорусской Советской Социалистической Республики о государственном суверенитете Белорусской Советской Социалистической Республики и Конституцию (Основной Закон) Белорусской ССР» (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2020 шеран 3 июнехь
- ↑ Беларусь. Архивйина 2011-09-07 — Wayback Machine, Общероссийский классификатор стран мира
- ↑ Список названий государств — бывших республик СССР и их столиц (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 19 октябрь. Архивйина 2020 шеран 25 февралехь
- ↑ Мезенцев Дмитрий Фёдорович назначен Чрезвычайным и Полномочным Послом Российской Федерации в Республике Белоруссия (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 3 декабрь. Архивйина 2020 шеран 3 январехь
- ↑ Указ Президента Российской Федерации «О Чрезвычайном и Полномочном После Российской Федерации в Республике Белоруссия» (оьрс.). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 19 октябрь. Архивйина 2019 шеран 12 июлехь
- ↑ Белоруссия / Баранчиков . Е. В., Михалёва А., Петрушина М. Н. и др. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ Конституция Республики Беларусь/редакция 24 ноября 1996 года — Викитека
- ↑ <Уроки белорусской «революции милосердия» (оьрс.). Независимая газета (2021 шеран 16 март).
- ↑ GDP (IMF data) | Belarus (инг.). www.imf.org. IMF DataMapper. ТӀекхочу терахь: 2025 шеран 23 октябрь.
- ↑ GDP per capita, current prices (инг.). www.imf.org. ТӀекхочу терахь: 2025 шеран 23 октябрь.
- ↑ Вторая уставная грамота к народам Беларусин принятая Исполкомом Совета Всебелоруссинго съезда в Минске
- ↑ постановление Президиума ВЦИК «О признании независимости Белорусской Социалистической Советской Республики» (опубликовано 5 февраля)
- ↑ Согласно ст. 14—15 Конституции СССР 1936 года, формально декларируемый суверенитет союзных республик был ограничен по ряду вопросов, отданных в общесоюзное ведение. Статья 20 устанавливала верховенство общесоюзных законов над республиканскими. Это, однако, не влияло на возможность самостоятельного международного представительства республик, которая отдельно подчёркивалась статьёй 18-а в редакции 1944 года.
- ↑ Национальный статистический комитет Республики Беларусь. Перепись населения — 2009. Статистические публикации.
- ↑ Нобелевскую премию по литературе получила Светлана Алексиевич (оьрс.). Газета.Ru. ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 18 ноябрь. Архивйина 2015 шеран 19 ноябрехь
- 1 2 3 4 Цитатийн гӀалат:
<ref>тег нийса йац; кху "autogenerated8" тӀетовжаран текст йазйина йац - ↑ Козловская А. И. Основные тенденции книгоиздания в Республике Беларусь на современном этапе // Известия высших учебных заведений. Проблемы полиграфии и издательского дела. — 2010. — № 3. — С. 131
- ↑ Козловская А. И. Основные тенденции книгоиздания в Республике Беларусь на современном этапе // Известия высших учебных заведений. Проблемы полиграфии и издательского дела. — 2010. — № 3. — С. 132
- ↑ Мазурова, М. А. Книгоиздание как показатель социальных процессов в обществе // Скориновские чтения 2017: книга в медийном пространстве: к 500-летию белоруссинго книгопечатания : материалы III Международного форума, 6-7 сентября 2017 г. / Министерство образования Республики Беларусь, Белоруссийн пачхьалкхан технологический университет ; [оргком.: И. В. Войтов (сопред.), И. В. Луцкий, М. Г. Борозина и др. ; под ред. В. И. Куликовича]. — Минск: БГТУ, 2017. — С. 342—345.
- ↑ О Государственной целевой программе по разработке программно-технического комплекса по автоматизации процесса расчёта подлежащих уплате в бюджет сумм налогов, сборов (пошлин) и представлению в налоговые органы налоговых деклараций (расчётов) в электронном виде на 2008—2010 годы(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Правительство нацелилось развивать информационное йукъаралла . ТӀекхочу терахь: 2020 шеран 29 август. Архивйина 2020 шеран 6 декабрехь
- ↑ СТРАТЕГИЯ развития информационного общества в Республике Беларусь на период до 2015 года
- ↑ Как работают белоруссин медиа за границей (оьрс.). dw.com (2021 шеран 1 ноябрь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 3 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 3 сентябрехь
- ↑ "Независимые белоруссин СМИ продолжают работать, несмотря на суровую зачистку". mediakritika.by. Архивйина 2022 ш. 03 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2022 ш. 03 сентябрехь. Архивйина 2022-09-03 — Wayback Machine
- ↑ НОК Беларусин — 25 лет! (оьрс.) ТӀекхочу терахь: 2020 шеран 25 октябрь. Архивйина 2020 шеран 28 октябрехь
- ↑ МОК не признал Виктора Лукашенко главой Национального олимпийского комитета Белоруссии . ТАСС (2021 шеран 8 март). ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 28 май. Архивйина 2021 шеран 1 июнехь
- Численность населения на 1 января 2020 г. по Республике Беларусь в разрезе областей, кӀоштов, городов, поселков городского типа. Архивйина 2021-08-31 — Wayback Machine. Национальный статистический комитет Республики Беларусь (Белстат)
<ref> «belstat2020» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла текстан йукъахь йац.Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Оьрсийн маттахь
- Белоруссия // «Банкетная кампания» 1904 — Большой Иргиз. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — С. 238—256. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 3). — ISBN 5-85270-331-1.
- Белорусская Советская Социалистическая Республика // Бари — Браслет. — М. : Советская энциклопедия, 1970. — С. 127—157. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 3).
- Круталевич В. А. На путях самоопределения: БНР — БССР — РБ. — Минск: Право и экономика, 1995. — 139 с. — ISBN 985-6194-05-9.
- Круталевич В. А. Республика Беларусь: административно-территориальное устройство. — Минск: Право и экономика, 2001. — 268 с. — ISBN 985-442-055-8.
- Круталевич В. А. Очерки истории государства и права Беларуси. — 2-е изд. — Минск: Право и экономика, 2009. — 520 с. — ISBN 978-985-442-395-1.
- Запрудник, Ян. Belarus: At A Crossroads In History. — Westview Press, 1993. — ISBN 0-8133-1794-0.
- Типология двуязычия и многоязычия Беларуси / Нац. акад. наук Беларуси. Ин-т языкознания им. Я. Коласа, Бел. респ. фонд фундамент. исслед. ; под ред. А. Н. Булыко, Л. П. Крысина. — Минск : Беларуская навука, 1999. — 246 с. ISBN 985-08-0295-2.
- Брилевский М. Н., Климович А. В. География Беларуси: учебное пособие для 9 класса учреждений общего среднего образования с русским моттом обучения. — Минск: Адукацыя i выхаванне, 2019. — 250 с. — ISBN 978-985-599-055-1.
- Панов С. В. Материалы для подготовки к обязательному экзамену по истории Беларуси. 11 класс / С. В. Панов. — Минск: Аверсэв, 2018. — 288 с. — ISBN 978-985-19-2873-2.
- Белозорович В. А. История Беларуси с древнейших времён до конца XVIII в. / В. А. Белозорович. — Минск: БГУ, 2020. — 271 с. — ISBN 978-985-553-613-1.
- Палковская Е.М. Беларусь в цифрах. — Минск: Национальный статистический комитет Республики Беларусь, 2023. — 61 с. — ISBN 978-985-7307-27-2.
- Белоруссийн маттахь
- Бохан Ю.Н. і інш. Беларусь у перыяд Вялікага Княства Літоўскага // Гісторыя Беларусі. — Мінск: Современная школа, 2008. — Т. 2. — 688 с. — ISBN 978-985-513-317-0.
- Несцярчук Л.М.[be]. Беларусь у вайне 1812 года. Паміж Напалеонам і Аляксандрам. — Брэст: Паліграфіка, 2012. — 303 с. — ISBN 978-985-697-046-0.
- Беларуская энцыклапедыя: У 18 т. Т. 18. Кн. 2: Рэспубліка Беларусь / Рэдкал.: Г. П. Пашкоў і інш. — Мн.: БелЭн., 2004. — 760 с.: іл. ISBN 985-11-0295-4
- Манак, Б. А. Насельніцтва Беларусі: рэгіянальныя асаблівасці развіцця і рассялення / Б. А. Манак. — Мінск : Універсітэцкае, 1992. — 176 с. ISBN 5-7855-0420-0
- Нацыянальны атлас Беларусі / Складз. і падрыхт. да друку Рэсп. унітарн. прадпрыемствам «Белкартаграфія» у 2000—2002 гг., Гал. рэдкал. М. У. Мясніковіч (старшыня) і інш. — Мінск : Белкартаграфія, 2002. — 292 с.
- Беларусь: энцыкл. даведнік / Рэдкал. Б. І. Сачанка (гал. рэд.) і інш. — Мінск: БелЭн, 1995.— 799 с. ISBN 985-11-0026-9.
- На английском мотте
- Andrew Wilson: Belarus: The Last European Dictatorship. Neuauflage. Yale University Press, New Haven 2021, ISBN 978-0-300-25921-6.
- Minahan, James. Miniature Empires: A Historical Dictionary of the Newly Independent States. — Greenwood, 1998. — ISBN 0-313-30610-9.
- Birgerson, Susanne Michele (2002). After the Breakup of a Multi-Ethnic Empire. Praeger/Greenwood. ISBN 0-275-96965-7.
- Olson, James Stuart; Pappas, Lee Brigance; Pappas, Nicholas C. J. (1994). Ethnohistorical Dictionary of the Russian and Soviet Empires. Greenwood Press. ISBN 0-313-27497-5.
- Plokhy, Serhii (2001). The Cossacks and Religion in Early Modern Ukraine. Oxford University Press. ISBN 0-19-924739-0.
- Richmond, Yale (1995). From Da to Yes: Understanding the East Europeans. Intercultural Press. ISBN 1-877864-30-7.
- Vauchez, André; Dobson, Richard Barrie; Lapidge, Michael (2001). Encyclopedia of the Middle Ages. Routledge. ISBN 1-57958-282-6.
- Zaprudnik, Jan (1993). Belarus: At a Crossroads in History. Westview Press. ISBN 0-8133-1794-0. Archived from the original on 2 May 2016.
- Bennett, Brian M. The Last Dictatorship in Europe: Belarus under Lukashenko (Columbia University Press, 2011)
- de Courson, Barbara Frances Mary (1879). The Jesuits: their foundation and history, Volume 1. Benziger Brothers.
- Frear, Matthew. Belarus Under Lukashenka: Adaptive Authoritarianism (Routledge, 2015)
- Korosteleva, Elena A. (June 2016). «The European Union and Belarus: Democracy Promotion by Technocratic Means?» Democratization 23: 4 pp. 678–698. doi:10.1080/13510347.2015.1005009.
- Levy, Patricia; Spilling, Michael (2009). Belarus. New York: Benchmark Books. ISBN 978-0-7614-3411-5.
- Kropotkin, Peter Alexeivitch; Bealby, John Thomas (1911). «Minsk (government)» . In Chisholm, Hugh (ed.). Encyclopædia Britannica. 18 (11th ed.). Cambridge University Press. pp. 555, 556.
- Marples, David. 'Our Glorious Past': Lukashenka’s Belarus and the Great Patriotic War (Columbia University Press, 2014)
- Parker, Stewart. The Last Soviet Republic: Alexander Lukashenko’s Belarus (Trafford Publishing, 2007)
- Rudling, Pers Anders. The Rise and Fall of Belarusian Nationalism, 1906—1931 (University of Pittsburgh Press; 2014) 436 pages
- Ryder, Andrew (1998). Eastern Europe and the Commonwealth of Independent States. Routledge. ISBN 1-85743-058-1.
- Silitski, Vitali & Jan Zaprudnik (2010). The A to Z of Belarus. Scarecrow Press. ISBN 978-1-4617-3174-0.
- Snyder, Timothy. (2004) The Reconstruction of Nations: Poland, Ukraine, Lithuania, Belarus, 1569—1999 excerpt and text search
- Szporluk, Roman (2000). Russia, Ukraine, and the Breakup of the Soviet Union. Hoover Institution Press. ISBN 0-8179-9542-0.
- Treadgold, Donald; Ellison, Herbert J. (1999). Twentieth Century Russia. Westview Press. ISBN 0-8133-3672-4.
- Vakar, Nicholas Platonovich. Belorussia: The Making of a Nation: A Case Study (Harvard UP, 1956).
- Vakar, Nicholas Platonovich. A Bibliographical Guide to Belorussia (Harvard UP, 1956)
- Украинийн маттахь
- Вівчарик М. М. Білорусь, Республіка Білорусь. Архивйина 2016-05-05 — Wayback Machine // Кеп:ЕІУ
- Орлова Т. В. Історія пострадянських країн: підручник / Т. В. Орлова; Київ. нац. ун-т ім. Тараса Шевченка. — Київ: Знання, 2014. — 502 с. ISBN 978-617-07-0090-2
- Савченко О. В. Білорусь, Республіка Білорусь. Архивйина 2021-05-27 — Wayback Machine // 827—828 // Енциклопедія сучасної України : [укр.] : у 30 т. / НАН України, Наукове товариство ім. Шевченка, Институт энциклопедических исследований НАН Украины. — К., 2001—…. — ISBN 944-02-3354-X.
- На французском мотте
- Arkadiusz Tieplakoff, " La Biélorussie, une nation qui se cherche ", Étvdes, juillet-août 2006. (ISSN 00141941)
- Alena Lapatniova, Biélorussie. Les mises en scène du pouvoir, Paris, L’Harmattan, 2001. (ISBN 2-7475-0417-4)
- Jean-Charles Lallemand et Virginie Symaniec, Biélorussie, mécanique d’une dictature, Éditions Les petits matins, 2007. (ISBN 978-2-915879-25-4)
- Virginie Symaniec, La construction idéologique slave orientale. Langues, races et nations dans la Russie du xixe siècle, Paris, Éditions Petra, 2012. (ISBN 978-2-84743-045-5).
- Anna Radziukiewicz, Na Wschod od Zachodu — To the East from the West, Knieja, Osm Hajnowka. (ISBN 978-83-913796-5-3).
- Witt Raczka, Aux confins de l’Europe de l’Est — Mare Balticum, L’Harmattan, volume 1 (ISBN 978-2-296-10883-7) et volume 2 (ISBN 978-2-296-10884-4).
- Viviane du Castel, La Biélorussie, une indépendance à la dérive, Paris, L’Harmattan, 1998.
- Nicolas Righetti, Biélorussie. Dreamland, Favre 2020.
- Немцойн маттахь
- Landeszentrale für politische Bildung Baden-Württemberg: Nach der «Orangenen Revolution». Der Bürger im Staat, Heft 4, 2005; Aufsätze zur Entwicklung von Politik und Wirtschaft in der Ukraine, Russland und Weißrussland (PDF; 1,6 MB).
- Dietrich Beyrau, Rainer Lindner: Handbuch der Geschichte Weißrußlands. Vandenhoeck und Ruprecht, Göttingen 2001, ISBN 3-525-36255-2.
- Thomas M. Bohn, Victor Shadurski (Hrsg.): Ein weißer Fleck in Europa ... Die Imagination der Belarus als Kontaktzone zwischen Ost und West. transcript, Bielefeld 2011, ISBN 978-3-8376-1897-6.
- Thomas M. Bohn, Rayk Einax, Julian Mühlbauer (Hrsg.): Bunte Flecken in Weißrussland. Erinnerungsorte zwischen polnisch-litauischer Union und russisch-sowjetischem Imperium. Harrassowitz, Wiesbaden 2013, ISBN 978-3-447-10067-0.
- Dirk Holtbrügge: Weißrussland. Land zwischen Polen und Rußland. Beck, München 2002, ISBN 3-406-49282-7.
- Evelyn Scheer: Weißrussland entdecken, Natur und Kultur von Brest bis zum Dnepr. Treschen, Berlin 2002, ISBN 3-928409-59-X.
- Oliver Kempkens, Karoline Spring, Nina Reuter: Weißrussland anders. Herausgegeben von Sandra Ravioli, BoD, Norderstedt 2010, ISBN 978-3-8423-3110-5.
- Olga Abramova: Integration zwischen Realität und Simulation. Die belarussisch-russländischen Beziehungen seit 1991. Untersuchungen des Forschungsschwerpunktes Konflikt- und Kooperationsstrukturen in Osteuropa an der Universität Mannheim (FKKS) 19. Mannheim 1998.
- Claudia M. Buch: Währungsreformen im Vergleich: monetäre Strategien in Russland, Weißrussland, Estland und der Ukraine. Mohr, Tübingen 1995, ISBN 3-16-146415-X (= Kieler Studien, Band 270).
- Irina Bugrova, Svetlana Naumova: Parliamentary elections and foreign policy orientations of Belarus. In: Vector — Belarusian Journal of International Politics, 1/1, 1996, S. 2-7.
- Bernhard Chiari: Alltag hinter der Front. Besetzung, Kollaboration und Widerstand in Weißrußland 1941—1944. Droste, Düsseldorf 1998, ISBN 3-7700-1607-6 (= Schriften des Bundesarchivs, Band 53, zugleich Dissertation an der Universität Tübingen 1997 unter dem Titel: Deutsche Besatzungsherrschaft in Weißrussland 1941—1944).
- Herbert Dederichs, Jürgen Pillath, Burkhard Heuel-Fabianek, Peter Hill, Reinhard Lennartz: Langzeitbeobachtung der Dosisbelastung der Bevölkerung in radioaktiv kontaminierten Gebieten Weißrusslands — Korma-Studie. Verlag Forschungszentrum Jülich 2009, ISBN 978-3-89336-562-3.
- Heinrich Linus Förster: Von der Diktatur zur Demokratie — und zurück? Eine Auseinandersetzung mit der Problematik der Systemtransformation am Beispiel der ehemaligen Sowjetrepublik Belarussland. Hamburg 1998.
- Folkert Garbe, Rainer Lindner: Wahlfarce in Belarus — Inszenierter Urnengang und neuer Widerstand. Diskussionspapier der Stiftung Wissenschaft und Politik, April 2006.
- Rainer Lindner: Historiker und Herrschaft. Nationsbildung und Geschichtspolitik in Weißrussland im 19. und 20. Jahrhundert. Ordnungssysteme 5, München 1999.
- Rainer Lindner: Präsidialdiktatur in Weißrussland: Wirtschaft, Politik und Gesellschaft unter Lukaschenko. In: Osteuropa 47/10-11, 1997, S. 1038—1052.
- Menschenrechte in Belarus e. V.: Zur Lage der Menschenrechte in Belarus (PDF; 1,1 MB). Berlin 2014, ISBN 978-3-86468-643-6.
- Anja Obermann: Die Beziehungen der Europäischen Union zu nicht-demokratischen Staaten: Europäische Außenpolitik gegenüber Algerien, Indonesien und Belarus. VDM-Verlag Dr. Müller, Saarbrücken 2007, ISBN 3-8364-4839-4.
- Andreas Rostek (Hrsg.), Nina Weller (Hrsg.), Thomas Weiler (Hrsg.), Tina Wünschmann (Hrsg.): BELARUS!: Das weibliche Gesicht der Revolution. Edition fotoTAPETA, Berlin 2020, ISBN 978-3-940524-99-7.
- Astrid Sahm: Schleichender Staatsstreich in Belarus. Hintergründe und Konsequenzen des Verfassungsreferendums im November 1996. In: Osteuropa (Zeitschrift), 47/9, 1997, S. 475—487.
- Roland Scharff (Hrsg.): Belarus Belarus : Zwischenbilanz einer stornierten Transformation. Fachhochschule Osnabrück, Fachbereich Wirtschaft, Osnabrück 2001, ISBN 978-3-925716-67-6.
- Eberhard Schneider: Der erste Mann Weißrusslands: Stanislau Schuschkewitsch. In: Osteuropa, 43/12, 1993, S. 1147—1151.
- Silvia von Steinsdorff: Das politische System Weißrußlands (Belarus). In: Wolfgang Ismayr (Hrsg.): Die politischen Systeme Osteuropas, Opladen 2004, S. 429—468, ISBN 978-3-8100-4053-4.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Официальный сайт Республики Беларусь
- Официальный Интернет-портал Президента Республики Беларусь.
- Официальный сайт Национального собрания Республики Беларусь . ТӀекхочу терахь: 2020 шеран 31 октябрь. Архивйина 2020 шеран 31 октябрехь
- Официальный сайт Совета министров Республики Беларусь . ТӀекхочу терахь: 2009 шеран 18 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2006 шеран 14 июнехь Архивйина 2006-06-14 — Wayback Machine
- Шарухо И. Н. Создание образа территории как один из подходов современного страноведения (на примере образа Беларуси).Архивйина 2012-12-09 — Wayback Machine
- ВИДЕО #LV99плюс: 95 секунд о независимости Беларуси // Rus.lsm.lv
| КъС-М-бузе | Литва, Латви | Росси | Росси | С-В |
|---|---|---|---|---|
| М-бузе | Польша | Росси | В | |
| Къ-М-бузе | Польша | Украина | Росси | Къ-М-бале |
